Къоман библиотекехь Айдамиров Абузаран кхоллараллина лерина суьйре дӏаяьхьира.
04.04.2019Оханан беттан 4 дийнахь Къоман библиотекехь Айдамиров Абузаран кхоллараллина лерина суьйре дӏаяьхьира. Мероприяти дӏахьуш махкахь вевзаш волу журналист, литературовед Сумбулатов Дени вара. Иштта цигахь дакъалецира НР ӏилманийн академин, НПУ-н, НПХЬУ-н белхахоша, яздархоша, журналисташа, нохчийн литература езаш болчу Соьлжа-г1аларчу 91 юккъерчу ишколан дешархоша. Дешархой вуно ч1ог1а самукъадаьлла бара, царна цхьана меттехь шайн б1аьргашца ган таро хилира, Нохчийчохь гоьбаьлла болу 1илманчаш, яздархой. Декъашхоша билгалдаьккхира Айдамиров Абузаран кхолларалло нохчийн литературина бина ца ӏаш, культурина а, историца доьзна долу ӏилман дакъошна а боккха тӏеӏаткъам бина хилар, и тӏеӏаткъам, цуьнан мехала шераш дӏаэхарх совйолуш хилар. Кхин д1а а, х1ора шарахь Айдамиров Абузаран лерина суьйренаш д1ахьург хилар т1еч1аг1дира. Т1аьххьара безамна сарташ дехира декъашхоша.